Informações:

Synopsis

Chechen-"Gospel of John:!-9".mp3///1 КОРИНТХОШКА 15 1ХІинца, динан вежарий, айса хьехна болу хаза кхаъ шуна дагабаийта лаьа суна. Шу, иза тІе а эцна, цу тІехь дІахІиттира. 2Цу хазачу кхоэхула шу а кІелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера. 3ХІунда аьлча аса тІеэцна болу а, шуна дІабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тІера велла. 4Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира. 5Цул тІаьхьа Иза, Кипина а, тІаккха шийтта векална а хьалха веана, дІахІоьттира. 6Цул тІаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бІеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дІахІоьттира. Царах дукхахберш хІинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дІа а кхелхина. 7ТІаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. 8Уггар а тІаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза.